Кремлан тутмакхаш

Симферополан кIоштан кхелехь 4 Бахчисарайра гIирма-  гIезало ву лаьцна. Хьизб ут-Тахьрир исламан организацехь дакъалаьцна аьлла бехкебо уьш. Оьрсийчохь йихкина елахь, Украинехь магийна ю и организаци.

 

Мехкан къепе йохорна бехкевечу шен ден кхеле еана ненаца жима йоI Асанова Али.
 

Хьизб ут-Тахьрир организацехь латтарна бехкевечун зуда ю Алиева Наджие. И юкъаралла кхоллаелчхьана цхьа а теракт дина дац цо, делахь а, набахтехь яккха  25 шо хан кхайкхо там бу цуьнан цIийндена Алиев Муслимна.

 

ГIирма-гIезалойн къоман Меджлисан куьйгалхочун Чийгоз Ахтеман да Зейтулла а, нана Алие а. Махкахь къепе йохийна аьлла лаьцна латтош ву Чийгоз Ахтеман.

 

Оьрсийчоьнан набахтехь кхобучу шайн доьзалшна тIера юкъара ламазна гулбеллачохь вовшахкхетта ши да. Цаьршиннан ши кIант - Чийгоз Ахтем, Дегерменджи Бекир а Кремлан тутамкхаш бу.

 

Чийгоз Алие шен набахтехь волчу воIан Ахтеман кIентан сурт гойтуш ю.

 

Джеппарова Эвелина. 6 шо ду цуьнан. ФСБ-на болх бан цо дуьхьало йинчул тIаьхьа,  Хьизб ут-Тахьрир тобанехь хилла аьлла, бехке а вина, лаьцна йоьIан да.

 

Бехкбоцуш 10 шо хан кхайкхийначу Алимов Рефатан йиша Назарбекова Ление.

 

Шайн набахтехь латтон, доь доцуш байначийн рицкъ цIа доьхуш юкъара ламаз дина, доIа деш бу гIирмахойн гIезалой. 
 

7 бутт хьалха лачкъийна вигинчу Ибрагимов Эрвинна Бахчисарайхь доIа дечу хенахь.
Видеос гойту полицин белхахоша иза лачкъош.

 

ГIирман солидаралла юкъараллан гулам. Кремло лецначийн, лечкъийначийн гергарчара кхоьллина и организаци. Церан Iуналлехь ду тIехь да воцуш дисина 90 буобер.

 

Бахчисарайра 7 беран да Мамутов Энвер. 10 шо хан тоха кхерам бу цунна.


 

Бахчисарайра гIишлошъярхо Абилтаров Рустем. Хьизб ут-Тахьрир тобанехь хиларна шеконашца лаьцна иза. 10 шо хан кхайкхоран куц ду цунна а. 4 бер ду цуьнан.

 

Бахчисарайра цергийн лор Абсеитов Зеври. Кремлан тутмакх.

 

Исмаилова Фатма а, цуьнан кIант Фатих. Кху шеран ГIадужу-баттахь лаьцна цуьнан майра Исмаилов Рустем. 

 

Лецначу гIирмахойн-гIезалойн хIусамнаной: Сайфуллаева Элзаран а, Зейтуллаева Мергеман, бусулба дин тIеэцначу оьрсийн тутмакхан Примов Юрийн нана Примова Райме а.


 

7 бутт хьалха лачкъийна вигина шен кIант ламазтIехь воьху Ибрагимов Умера.


 

Симферополехь дIахьочу кIоштан кхелехь. Хьизб ут-Тахьрир тобанехь хилла аьлла бехкебо лецнарш. Кхеташоне шайн берашца баьхкина церан зударий. Цхьадолу бераш дуьненчу девлла, дай лецначул тIаьхьа.

 

Тутмакхан Мамутов Энверан ворхIаннех цхьа бер. 

 

ГIирмехь хиллачу репрессешна лерина шен суьртийн гайтам сьхаблиллина Прагехь "Маршо" Радион корреспонденто Наумлюк Антона.