Алеппон гонаха бомбанаш еттар юхадолийна

ГIаттамхоша дIацахоьцучу Шемарчу Алеппо гIалин гонахашкахь кеманийн тохарш юхадолийна. Адамийн бакъонаш ларъечу Шемин центро хаамбо, Алеппон Малхбузерчу а, Къилба Малхбузерчу а, Къилберчу а кIошташна тIе бомбанаш еттарх. Масех велларг ву. ПIераскандийнахь Шеман пачхьалкхан буьйранчаша дIакхайкхийра, шаьш йоллу Алеппо шайн тергоне эцарх. Диъ шо сов зама ю Алепппо гIала къуьйсу шина а агIоно.

ПIераскандийнахь оьрсийн тIеман полицин батальон кхаьчна Шема аьлла, хаамбина Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс.