Муцураевн иллино гIуда хьарчийна

Бардан Муцураев Тимуран дихкина «Первомайск» илли социалан машанехь «ВКонтакте» шен агIонтIехь дIаоьллинчу Кушалиев Мохьмадна дуьхьал бехктакхаме гIуллакх айдина махкарчу прокуратурано. 2010-чу шарахь Кемеровн кIоштарчу Юргин гIалин кхело Муцураев Тимуран «Первомайск» илли федералан экстремизмаллин тептаршка даьккхина.

Грозненск кIоштан кхело таIзар деш гIуда хьарчийна Кушалиев Мохьмадах.