ООН орцахъяьлла мухIажиршна

Европерчу мехкашкахь цIеххьана хIоьттина шело бахьанехь дозанашкахь бисинчу мухIажиршна саготта ю Дуьненан юкъаралла. МухIажирийн гIуллакхаш луьстучу ООН-нан хьукмато Женевехь хиллачу брифингехь Европерчу пачхьалкхашка кхайкхамбина, тIебаьхкинчу мигранташна гуманитаран гIо кхачор доьхуш, шайн дозанашкара уьш дIа а ца чийхош.

ООН-ан векало Пуйи Сесила хаамбина, Желтойчохь эзар гергга тховкIело йоцуш бисинчарех шелонах хIинцале а веллачу 5 мухIажирх. ООН-ан берийн фондан (ЮНИСЕФ) пресс-секретара Кроу Сарас билгалдаьккхина, шаьш сагатдийриг адамийн дахар ду аьлла.

Дуьненаюкъарчу миграцехула йолчу организацин векало Миллман Джоэла динчу зерашца, карадеана шо доладелчхьана Дуьненаюкъарчу хIордатIехула Европе кхача гIерта 27 стаг велла.