Шемин хьокъехь дийцарш хир ду Казахстанехь

Шемара хьал цхьана хорша далон некъаш лахархьама, Казахстанан коьртачу шахьарахь Астанахь кху беттан 23-чу дийнахь дIадахьа леринчу дийцаршка Iамерка юкъаяло тардаларх комментари ца йина Кремло.

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс билгалдаьккхина, оцу дийцаршкахь дуккхаъ пачхьалкхийн векалш хьашт хилар.

Хьалхо Туркойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро хаийтира, Iамерко Астанахь бертан дийцаршкахь дакъалацарна Оьрсийчоь дуьхьал цахиларх.