Нохчийн маьрша бахархой байина эпсар арахецна набахтечуьра

Сергей Аракчеев

Нохчийчохь маьрша бахархой байарна чувоьллина хилла лейтенант Аракчеев Сергей набахтера хенал хьалха арахецна, аьлла хаамбо Оьрсийчоьнан зорбанаша. Ала догIу, 2003-чу шарахь иза а, лейтенант Худяков Евгений лаьцначул тIаьхьа, цу шина дуьхьал бехктакхаме гIуллакх долийнера цара нохчийн Лаха-Вардехь юьртахь кхоъ маьрша вахархо верна. Аракчеевна 15 шо хан туьхира, ткъа Худяковна 17 шо набахте яккха кхело хан кхайкхийра кхело. Нижний-Новгородера набахтехь хан токху Аракчеев дика леларна арахецна хенал хьалха, дуьйцу цу набахтен уьрхалло. Хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, иза арахецна гIуран-беттан 16-чу дийнахь.

Цуьнан доттагIаша дийцарехь, Аракчеев набахте чуьра аравалар хьулдар бахьана дара, иза нохчаша шена бекхам барх кхерар. Лейтенант керла дахар долорхьама сихонца махках ваьлла.