Ахмадов Муса. Ненан йовлакх

Your browser doesn’t support HTML5

Ахмадов Муса. Ненан Йовлакх.

Мохк хьовзийча тIамо гатте,

Долош къиза охана,

Шен кхерч ларбан нана гIаьтти

ТIедоьлхучу догIанах.

Шен корталин тIемаш даржий,

Мохк дIахьулбеш шелчу Iай.

Цоьстуш тIеман бода Iаьржа,

Хьийзи, хилла аьрзу кIайн.

Массо тохар цунна дуора,

Цуьнан дагна – массо даш.

ХIетте бен цо Iалашбуора,

Мел чIагIдаларх буьрса дарц.

Стигал этIош шен маьхьарца,

Аьрзу хьийзи хIаваэхь.

Дуьнене а дохуш орца,

Самадохуш адмийн эхь.

Кеманашна дуьхьал гIуьттуш,

Аьрзуно шен битти тIам.

Цу доьналлин тешаш хIуьттуш,

Инзарбийли хийла лам.

Байнарш лоьхуш шахьарш телли,

Къорчу дегнех етташ зIок.

Лаьтте берзош мехкан кIентий,

Дилхи, лилхи ненан дог.

Нохчийн нанас шен кIайн йовлакх

Даьккхи, барте кхойкхуш нах.

ХIай къонахий, гIовтта, бовзий

Цу йовлакхан боккха мах!