Оьрсийчоьнна дуьхьал юкъабаьхна барамаш юхабаха дагахь ву Iамеркан президент Трамп Доналд. Цунах хаамбо атлантик кхеташонан белхахочо Потье Фабрисас шен твиттерехь https://twitter.com/FabricePothier. Санкцеш дIаяхьале хьалха иза телефонехула дагавер ву Германин канцлерца Меркел Ангелца а, ткъа шоьтан дийнахь телефонехула Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца дийцарш дIахьур ду.