17 шо кхаьчна БухIан-юртахь оьрсаша къизаллаш лелийна (видео)

КIирандийнахь 17 шо кхаьчна Нохчийчуьрчу БухIан-Юьртахь оьрсийн эскарша маьршачу нахана тIехь къаизаллаш лелийна. Масех сахьтехь оцу юьртахь нах бойуш, къоланаш деш, къизаллаш лелийначарна дина таIзар дац тахана а.

2009-чу шарахь «Мемориал» бакъонашларъярхойн тобано меттигерчу бахархойн дагалецамаш бухе а бохкуш, документалан филм яьккхира «Алды. Цкъа а дицлур доцург» аьлла.