Некъан бохам хилла Нохчийчохь

Нохчийчоьнан чоьхаьрчу гIуллакхийн урхаллан хьосташа дийцарехь, ТIехьа-Мартанарчу Закан-Юртан герггахь некъан бохам хилла машенаш Шкода а, Инфинити а вовшахкхетта.

Шкодан долахо велла, шолгIа машенлелочунна жимма мадар бен ца хилла. Оцу гIуллакхан талламаш бу дIахьош.