Оьрсийчоь кхераме ю боху Маккейнс.

Джон Маккейн

Аризона штатера сенатора Маккейн Джонc дIахьедина Оьрсийчоь Цхьаьнатоьхначу Штатийн герзанца кечбинчу ницкъашна инзаре кхераме ю, аьлла. И дIахьедар цо дира New York Times Москохо 1987-чу шарахь бина барт бохийна аьлла артикл язйинчул тIахьа. Цу бартца а догIуш, цхьайолу тайпа ракеташ хIаллакьян лерина яра Оьрсийчоь а, Iамерк а. Цу артикло Iорадаккхарца, Оьрсийчоьно и тайпа ракета къайлаха хIоттийна шен территори тIехь.