Орцанхоша цIарах 5 стаг кIелхьараваьккхина БухIан-юртахь

Нохчийчоь -- ЦIеяйархой бу шайн болх беш.

ЦIарах 5 стаг кIелхьараваьккхина Нохчийчоьнан Орцаллан министраллан белхахоша БухIан-Юртахь. Пхоьазза тIекIелдинчу цIа чохь летта цIе йойъуш дакъалаьцна 15 цIеяйархочо.

Уьш тIекхачале аравала аьтто баьлла 17 стеган.

Говзанчаша дийцарехь, цIелетта хилла электросерий дагадоладалар бахьана долуш.