Тахана, Чиллан-беттан 25-чу сарахь, Москох хир ю WFCA-н (World Fighting Championship Akhmat) ийначу кепийн латарехула 34-гIа турнир. Цуьнан цIе ю «Москох буьрса латар».
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Инстаграмехь йолчу агIон тIехь хаам бина, Москох «Корстон» олучу хьешан хIусамехь спортхой терзанца озаран процедура хилла аьлла.
Дерриг а хир ду 12 латар, хIараннехь а дакъалоцуш «Ахмат клубан» векалш а болуш. Цаьрца тасалур бу Оьрсийчура а, кхечу пачхьалкхашкара а спортхой. Турнир шен эфирехь гайта дагахь ю ЧГТРК «Грозный» олу телеканал.