Велла 101 шо долу уггаре а къена миллиардер Рокфеллер Дэвид

Рокфеллер Дэвид

Велла 101 шо долу кху дуьнентIехь уггаре а къена миллиардер Рокфеллер Дэвид. Цунах лаьцна хаам бина The New York Times газето.

Рокфеллер велла Нью-Йорк штатехь шайн дайн хиллачу хIусамехь.

Forbes журналан рейтингаца а догIуш, цуьнан дара 3,3 миллиард доллар.

Рокфеллер Дэвид вара исторехь дуьххьарлера миллиардер хиллачу Standart Oil компани кхоьллинчу Рокфеллер Джонан кIентан кIант.