Росгвардера Новр-ГIалахь байинарш

Новр-ГIалахь №3761 Росгвардин тIеман декъанна динчу тIелатар юхатухуш велла цигара 6 эскархо.

Зазадоккху-беттан 24-чу дийнан буса 2.30 даьлча иккхина тIематасадалар, официало баржийначу хаамца. ТIелеттачех 6 стаг валарал совнах, эскархойх вийна Ермолаев Анатолий, Алиев Амин, Гурат Дмитрий, Кучубеев Ильдус, Акбиев Заурбек, Рамазанов Арсен. Байинчийн цIерш йовзийтина Росгвардин пресс-гIоьнчалло.