ГIалгIайчохь алсамдаьлла дуьхьалонан акци дIахьочу машенлелорхойн терахь

«Платон» системана дуьхьал акци дIахьочу ГIалгIайчуьрча машенлелорхойн терахь алсамдаьлла. ХIинца цигахь дакъалоцуш ву 50 стаг.

"Кавказский узел" сайто дийцарехь, уьш гулбелла коьрта меттиг ю Карабулакан йист. Охан-беттан 20-чу дийнахь цигахь лаьтташ яра 15 кир дIасалелон машен.

Буьйсанна акцин декъашхой дIасабовла шайн хIусамашка.

И акци бахьана долуш, болх бан йиш йоцуш дисина шаьш бохуш, латкъамаш бо ГIалгIайчуьрча бизнесхоша.