Кадыров а, Медведев а "кIордийна" Ростов-гIалахь

РогIерачу Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь Путин Владимира дакъалацарна дуьхьалболчеран «КIордийна» аьлла акци Ростов-гIалахь а дIаяьхьна. Батош дIа а къевлина, бевзашболчу политикийн суьрташ тIехь долу плакаташ деанера протестхоша гуламе. Плакаташ тIехь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий а.

«Открытая Россия» боламан инициативаца цхьа могIа оьрсийн гIаланашкахь дIахьош ю шоьтадийнахь дуьхьалонан акцеш.