Прага: Оьрсийн Толаман марш а, дуьхьалончаш а

Your browser doesn’t support HTML5

"Йицъялаза Полк" цIе йолу Дуьненаюкъара ШолгIа тIом бирзинчу денна лерина гулам хIоьттира Чехин шахьарахь Прагехь Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь. Эзар гергга оьрсий а, цхьана декъанна меттигера бахархой а бара Толаман Де даздеш. И барам цатайнарш а бевлира гуламхошлахь. Царех цхьаболучара, карара а дохуш, этIийра вукхеран лозунгаш. Оцу бахьанийца дар-дацар а иккхира шина агIончашна юкъахь.