ГIаттамхо вийна Дагестанехь

Дагестанехь вийначу стеган цIе билгалъяьлла, иза ву Гокжоев Камал. "Хаси-Юртан" гIаттамхойн тобанхо хилла ву иза, яздо "Дагестан" агенталло.

Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххочо хаамбинера "Кавказ.Реалии" портале кIирандийнахь, ХIинжа-ГIалин юьстах полисхоша герзаш диттина вийна, шайна тIелатар дина Гокжоев, аьлла.