МаслаIат хилла ЧIуьлга-Юьртахь йийначу зудчун хьокъехь

Кху беттан 9-чу дийнахь Теркйистерчу ЧIуьлга-Юьртарчу кафехь эпсаран карах тапча яьлла, йийначу Iели-Юьртарчу Шахмаева Небин хьокъехь дов дирзина кху деношкахь.

Оцу юьртарчу бахархоша даредарехь, Нохчийчуьрчу къеданийн Кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хож-Ахьмад маслаIате веана, дIадирзина шина цIенна юккъе иккхина луралла. Болчу хаамашца, куьгбехкениг Хоси-Юьртара вахархо ву.

Шахмаева Неби цIийнда велла, шен децIахь кхаа бераца ехаш хилла.