Латтанаш схьадаха бакъо елла Путина ФСБ-на

Пачхьалкхан хьашташна латтанаш схьадаха ФСБ-на бакъо луш омра арахецна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира шинарийдийнахь.

Кхерамзалла лакхаяккхархьама цаторийла йолуш тIеэцна бу и сацам аьлла, кхетийна оцу урхаллехь.

Зазадоккхучу-баттахь изза бакъонаш йитира Путин Владимира Федералан хадаран гIуллакххошкахь а.