Министро кхерамашца кхайкхам бина "калацIолашка"

Инстаграмерчу шен агIонтIехь "хIун ю цахуучу калацIоле" аьлла, маьттазчу маттаца, кхерамаш туьйсуш, кхайкхам бина Нохчийчуьрчу къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а, информацин а министро Умаров Джамбулата

Хаамийн гIирсашкахь Нохчийчхь гейш хаабелла, уьш Iедало бойуш, Iазапехь латтош бу аьлла даьржинчунна жоп ду аьлла хета Умаровс делларг.

Зазадоккхучу-беттан юьххьехь "Новая газетано" зорбане яьккхира оцу хьокъехь артикл.

Махкарчу Iедало иза харц динехь а, видеоинтервьюш яьржина, Нохчийчуьрчу бахархоша шайгахь даллийначу Iазапах дуьйцуш.