Гуьмсехь керла прокуроран гIовс хIоттийна

Нохчийчоьнан прокуроран омраца Гуьмса кIоштарчу прокуроран гIовс хIоттийна Ташаев Ислам. Алма-Атинскан кIоштара схьаваьллачу Ташаевс Ставрополан юридикан институт чекхъяьккхина.

Ши шо дара цо Нохчийчуьрчу Iуьналлан хьукматехь болх бен.