Евроберто 100 миллион евро доьху Британера

Евроберта юкъара Британи яларан гIуллакхашкахула волчу министро Дэвис Дэвида дIахьедина, Лондоно дийцарш совцор ду, нагахь санна, Брюссел Великобританера 100 миллион евро доьхучуьра ца сацахь.

Евроберто оццул мах хадийна Брексит бахьанехь шена хиллачу зенийн.

The Sunday Times газетана интервью луш Дэвиса билгалдаьккхина, кхиаме дийцарш дIадахьа Евросоюз лууш елахь, шен позици хийца еза цо аьлла.