Москальковас Нохчийчу шен нах бахийтар къобалдина Европан Кхеташонан куьйгалхочо

Ягланд Турбьерн.

Европан Кхеташонан инарлан секретаро Ягланд Турбьерна къобалдина Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна шен белхахой Нохчийчу хьовсо дагахь хилар, цигахь гендеран бух хийцина нах хьийзийна бохург талла.

Цунах лаьцна хаам бина Франс Пресс агенталло, Европан Кхеташнан инарлан секретаран официалан векална Холтген Даниэлана тIе а тевжаш.

Холтгенна хетарехь, дика хир дара ша Оьрсийчоьнан омбудсмен а Нохчийчу яхча. Цо дийцарехь, Москальковас хаам бина Европан Кхеташонан инарлан секретаре, шаьш бечу талламах лаьцна ша дуьйцур ду аьлла.