Талорхой лохуш 12 стаг лаьцна Лондонехь

Лондонехь дина тероран талораш дар толлуш полицино лаьцна 12 стаг, хаамбо BBC. 7 стаг а вуьйш, 48 лаза а веш, нахана кирлелабен машен т1ейиттинчийн, бахархошна уьрсаш диттинчий декъахь хилар зуьйш лецна уьш.

Шоьтан буса и талораш дина кхо стаг вийра полицино, лохуш бу церан го.