Киеверчу Iамеркан векалтехь эккхийтар дина

Кхаарийн буса Киеверчу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векалтан дозан тIехь эккхийтар хилла. Лазийна, велла стаг вац. ГIалин полицин сайта тIехь баржийна и хаам.

Украинан ницкъаллин струrтурашна хетарехь, теракт ду динарг. Болчу хаамашца, димиссин дозан тIе кхоьссина хилла оьккхуьйтург.

Iамеркан векалто цкъачунна комментари ца йина оцу хиламех.