Ахматукаев Адам. ТIаьхьенаша хоттур ду...

Your browser doesn’t support HTML5

ТIаьхьенаша хоттур ду...

ТIаьхьенаша хоттур ду...

Берийн доIа хаззал

ГIиллакх доцчу тIамца

Беъна бала базло

Хаттарийн мукъамца.

Мацца а цхьа зама

СхьахIуттур ю кетIа,

Вайн тIаьхьенехчара

Вайга боьхуш кхетам.

Вайн хIун хир ду ала,

Вайн хIун хир ду дийца,

ТIом дIагенабаларх,

Вай и бицбеш хилча?

Цо хьарчийнчу декхарх

Хьанал хьалхаваллалц,

Ниййат ду сан декъал -

Нохчийн илли ала.