90 процент Оьрсийчура бахархой реза бац коммуналан белхахоша дечу гIуллакхашна

90 процент хиллал Оьрсийчуьрчу бахархошна хетарехь, коммуналан гIуллакхашна цара луш болу мах дукха лакхара а бу, цу мехах деш долу гIуллакх лортехь а дац. Иза гойтуш бу Оьрсийчоьнан дагардаран чоьно бина таллам.

Цу талламца а догIуш, 47 процент бахархой реза бац коммуналан белхахоша дечу гIуллакхашна. Кхин а 44 процентана хетарехь, коммуналан гIуллакхаш тоьар долуш ду, амма уьш дукха деза ду.

Оьрсийчоьнан дагардаран чоьно бинчу талламана юкъаозийна хилла 60 субъектера 3200 стаг.