ГIалгIайчохь уггар къоначу Сунжа гIалан мэр хаьржина лерринчу къовсамехь

ГIалгIайн байракх.

ГIалгIайн уггаре къона йолчу Сунжа гIалан мэр хоржуш къовсадалар хилла цу ГIалгIайчохь. Тоьлларг ву Цичоев Тимур, хаам бо kavtoday.ru сайто.

Стохка республикан харжамийн комиссино хаам бира Сунжан бахархой Сунжан кIоштана юкъарбовла лууш бу, цунах гIала тайпа меттига а еш аьлла. ТIаьхьо Сунжах хилира гIала.