Гуьмсан-кIоштарчу Ойсхарахь иттех стаг лаьцна "Кавказ.Реалии" сайт тIехь гучуяьлла видео бахьана долуш, хаам бо цу портало.
"Кавказ.Реалии" сайт тIехь яздинера Ойсхарахь ах урам дIабаьккхина, Яхьяева.Р цIе йолчу зудчуьнан цхьа цIа юкъеметтехь а дуьтуш аьлла. Цу зудчуьн вежарий Нохчийчоьнан куьйгалхочун гболх беш бу бохуш яздо "Кавказ.Реалии" сайто.
Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчуьрчу Ойсхарахь некъ шорбеш дIахьаькхна динна урам
ХIинца полисхой бу и видео интернете хIоттийна нах лохуш.