Хасу-Юртахь ши стаг вийна полицино

Шоьтан сарахь герзаш диттина Дагестанерчу Хасу-Юртахь полисхой декъахь а болуш. Ши стаг вийна.

Цара шайн машен сацо гIоьртича, полисхошна герзаца духьало йира, хаамбина чоьхьарчу гIуллакхийн министралло ТАСС агенталле.

Шаьш байинарш бевзина полисхошна, амма ца йовзитина цIерш.

Полисхошлахь дараш ду аьлла хаам бац.