Оьрсийн оппозиционер, политик Немцов Борис веран хьокъехь шинарийдийнахь Москохарчу тIеман кхело бовзуьйтур бу шен сацам.
Нохчийчуьра бахархой Дадаев Заур, ГубашевгIар Анзор, Шадид, Эскерханов Тамерлан, Бахаев Хьамзат а ву зуламна бехкевина кхеле хIоттийна.
Талламаш болийначу муьрехь Дадаевс а, ГубашевгIара вежарша а бехк шайна тIелаьцнера. Амма кхелехь шаьш бехкехиларна къарояр тIехь ницкъ а бина, алийтинера шайга аьлла дIахьедира цара.
Кхелан сацам бехккъасточара бовзуьйтур бу. 26 хаттарна жоп дала дезар ду церан, уггар коьртаниг, вийний Дадаев Заура Немцов Борис.
Талламчийн версица, Дадаев ву куьйгбехкениг.
Чиллан-беттан 27-чу дийнахь Москох тапча тоьхна вийра Немцов Борис.