Шема воьдучунна ахча даларна бехкебо вежарий

Шемарчу тIаме ваха лаам болчу Нохчийчуьрчу вахархочунна ахчанца гIо дарна бехктакхаме гIуллакх долийна талламчаша СултахановгIеран вежаршна Мохьмадна а, Исламна а дуьхьал.

Талламан комитетан хаамашца, Шемарчу ДаIишхойх дIакхета кечлучу Устрада-ГIаларчу цхьана вахархочунна ахча делла вежарша. "Кечдечу зуламах ца хаийтина цо меттигерчу полицина, цундела терорхойн агIо лацарна масех шо догIу цунна набахтехь даккха" аьлла, дIахьедина меттигерчу прокуратурано.