14 cтаг лазийна Москох туьканах яьллачу цIаро

Москох Дмитровски шоссеца лаьттачу «Рио» маркетехь яьллачу цIаро зен дина 14 стеган могашшаллина, хаамбо ТАСС агенталло.

КIаденаш чохь долу 2-чу гIатт тIерачу павильонах яьлла цIе.