Полисхойн машен эккхийтарна бехкевеш Джамалдаев Мансур лаьцна Нохчийчохь

Нохчийчоьнан вахархочунна Джамалдаев Мансурна дуьхьал бехктакхам айбина Iедало, бехке лору цо 2012-чу шарахь полицин машен эккхийтарна а, оцу бахьанийца полисхо валарна а.

ТIемалойн могIаршкахь хиларна а, низамехь а доцуш герзаш лелорна а, стаг верна а, нехан бахам талхорна а бехкевечу цунна оьмар кхачаяллалц хан тоха тарло, хаамбина полицин векало "Кавказский узел" портале.