Муцураевн эшарш бахьанехь кхин цхьаъ а озий кхеле

Нохчийчуьра Сулейманов Илес ву рогIехь бардан Муцураев Тимуран эшарш яржорна бехкевийриг. Полицино бинчу хаамца, цо "ВКонтакте" машане йиллина масссех ладогIа дихкина йиш.

2000 соьме кхаччалц гIуда тухур ду я 15 де лаьцна доккхуьйтур ду Сулеймановга цунна дуьхьал дов айдинчу прокуратуран гIоьнца кхело.

Пхи де хьалха Муцураевн эшарша кхеле «кхачийра» махкара Бескаев Мохьмад-Салахь. Барде ладогIа мегаш доццушехь, цуьнан эшарш яржорна кхел йинчийн терахь ду кхуьуш хIора баттахь.

Муцураев Тимуран 20 сов йиш ю федералан экстремизмаллин материалийн тептара яьхна. Делахь а, Нохчийчохь а, цул арахьа а кест-кеста хеза уьш а, бардан кхийолу эшарш а