Иракъехь нохчий лецна

Иракъерчу кхерамзаллан хьукматаша 26 кхечу пачхьалкхийн бахархой лецна, шайлахь Оьрсийчуьра а болуш, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан декъехь хилла, хаамбо Associated Press агенталло.

Иракъан талламхойн хьосаташна тIе а тевжаш, агенталло буьйцурш бу 2 борша стаг, 8 бер, 16 зуда а. БагIдаде дехьабаьхна уьш.

Дийцарехь, карабахначарех цхьаберш баьхкина Иракъе Нохчийчуьра а, ГIажарийчуьра а, Шемара а, Белгера а, Францера а, Германера а.

Бераш, уьш схьабевллачу пачхьалкхийн Iедалшка дIалур долуш ду, баккхийчарна терроризм лелорна таIзар кхачор ду аьлла бу агенталлан хаамаш.