ОвхIаниистанехь кхоалгIа кIошт шайн караэцна тIалибаша. Онда тIемаш хиллачул тIаьхьа цара шайн Iуналле эцна Пакистанан дознца йолчу Пактиа провинцера Яни ХIел кIошт.
Цу провинцин кхеташонан куьйгалхочо хаам бина, и кIошт йоьжна тахана (25-гIачу дийнахь) Iуьйранна, Iедалан ницкъашца тIом хиллачул тIаьхьа аьлла.
Кху беттан 23-чу дийнахь тIалибаш дIалецира Гора провинцера Тайвара а, Фарьяб провинцера Кохистан а ши кIошт.