Йиъ зуда лазийна Нохчийчохь некъахьовзамехь

Бохам хилла «Кавказ» олучу боккхачу некъа тIехь оршотдийнахь, хаам бо МВД-н республикерчу урхаллан зорбанан сервисо.

«Ауди А-4» машенна урхалла дечу 36 шо долчу стага шен машен тIетоьхна 63 шаре ваьллачу ТIехьа-МартантIерчу вахархочо урхалла дечу «Mersedes-Benz» машенна.

Хилларг бахьана долуш лазийна «Ауди А-4» чохь хилла 4 зуда. Уьш дIакхачийна ТIехьа-МартантIерчу дарбанан хIусаме.