Петирова ПетIмат. Вайн аьрхачу, ирсечу бераллехь

Your browser doesn’t support HTML5

Петирова ПетIмат. Вайн аьрхачу, ирсечу бераллехь

Петирова ПетIмат

Вайн аьрхачу, ирсечу бераллехь

(Сан декъалчу а, декъазчу а денойн теш лаьттачу, уьш соьца доькъучу, мел зама дIаяларх, цо сибаташ ца кхоош хийцарх, суна и баккхий бIаьргаш а болуш, цу бIаьргех эгаш даккхий хин тIадамаш а долуш, хьирчинчу месашца, каралаьцна кад а болуш, цу кедахь тIаьххьара бисина тIо дIалахьош чухьаькхначу хьокхаман цуьргаш а гуш, ураме суна тIаьхьаидда, бер хилла юьсур йолчу Хьомсарна…

Дависа-кх цу марзонийн а, цу шерийн а…)

ТIехь дина цIа а доцуш, аьчкан сеткица къевлинчу цу керта йисстехь лаьтта и хьаьрса хьач… Керт йолчо цкъа а шех дезар а ца оьцуш, эца меттиг цунна бита а ца буьтуш. Урамерчу бераша мегарг заза дожа а кхиале дIаболабора цу тIехь шайн «болх». Божабераш буьххье тIе хьаладовлура хьочана, цунах дIаийча санна схьа а ца къаьсташ долу уьш тIехволучунна хаа ца тарлора, нагахь бухахь гулделла кегий бераш, дукхахьолахь зудабераш, ца хилахьара… Уьш шаьш хьала ца довлалуш, шайна ма-тов муьстаргаш юучу божаберех хьоьгура…

"Дитт кхосса-а-а", бохуш дехарш а деш, тIаккха вукхара цу буьххьехь Iашшехь шайна «са йоккхура»… цхьацца ловзоргаш йоьхуш я хуьйцуш... и "дитт" шаьш кхуссург…

Хьалха хуьлур-кх иштта... дитташ тIера муьстаргаш а йохуш, уьш чета а юхкий, чет а дусалой, божабераш дитта тIера чудуьссура... Дитта тIе ца довлало зудабераш царна тIаьхьауьдура и муьстаргаш, тIуьхкаш йоьхуш...

ТIаккха вукхара, шаьш комаьршабевлча, четара схьа а йохуш, и муьстаргаш лора... Йилиний-йилазий ца хоьржуш, церан четара схьаяьхна уьш юуш и зудабераш а хуьлура... ХIетте а цомгаш а ца хуьлура...

Я и майканаш шорйина, бехйина бохуш, дов деш наной а ца хуьлура....

Цхьа хаза хенаш яр-кха... цхьа хаза...

Юьззина бералла яр-кха... тахьтаргех а ловзуш... тIассех а, тIаккха цигаьрки пачканаш тIера знакаш схьа а йохуш, «безбойкех» ловзу бохуш цхьа ловзар а хуьлура…

ТIаккха дихлофос я дезодорант хиллачу шишана чу карбит а тосий, тIе туйнаш а тухий, и лелхуьйтуш а лелара...

Тахьтаргах ловза бинчу поппаран кеда чу а ма туьссуьйтура массаьрга а туйнаш... тIаккха юха а цунах кад беш а ма лелабора и поппар...

Ца лелош хIун дара... лаьнганах а ловзара... дошан цуьрга тIе кхакханан кийсак а латайой...

ТIамах а ловзура, «гIалгIазкхи-аьрханаш» а ловзура....

ТIаккха лийча а оьхура... эвла йистехь йолчу беша... цигахь айманаш ю...уллохь хи охьадогIуш....

Кулла бIараш а ду... Юха цхьа тIуьначу меттехь йовлуш, кхо гIа а долуш цхьа муьста бецаш яр-кха... уьш юура.... «клевер -муьстаргаш» олура вай-м царах…

Цхьа амал а яр-кха сан, массо а хIума сайна гина-зийна хила деза моьттуш… "мацалла попан гIа ва дууш" аьлла фольклорехь дешчахьана садууш дерг а кхочушдира... вайн кетIа такхийначу попа тIехь и гIаш а нисделла... хьалха уьш муха дууш хилла хьажа и гIаш а даа а диъна…

ТIаккха нитташ хьалабевлча, уьш цкъа а хийра ца хетачу ас чуттанаш йо аьлла, хьокхама юкъа а боьхкина, шуна баа ма бира… Цул тIаьхьа-м бешахь ор а даьккхина, цу ор чу цIе а латийна, тIехула яй а биллина, боккъал а чуттанаш а йира вай, баккхийчех къайлаха… И дерриг а ма леладора баккхийчех къайлаха…

Тамашийна дерг оцу массо а хIуманна хан тоар дара... тайнигех ловза а, киншкаш еша а.... оцу хьаьдда-ведда ловзарх ловза а... ТIаккха керта мел деана дечиг а ма дара, Дадина улло а девлла, чуэца дезаш... цIа еана йол а яра иштта дIайилла езаш... гIад а... дерриг а дар-кха.....

Дадас беша а ма дуьгура... буц йоккха хьалаялале цу юкъара баьIIаш а, мангална новкъа хуьлу яраш а дIаяха... ТIаккха вай ваьш цхьацца дакъа билгалдора... "хIоккхул меттиг дIаяьлча ахь тхо лийча дохуьйтур дуй?", "цIазамаш лахьо дуьгур дуй?", – олий... ТIаккха Дадас дига а дуьгура, шен дош кхочушдеш...

Юха мангал хан хилча, йол гулъян а дуьгура... и цIа ян а.... Дечигах ша дой доккха йоьлйоьхьа хуьлура… Йол литтане ерззол воцчуьнан и текхон дезара… Мел къахка гIоьртича а, кIелхьара ца волура и йолйоьхьа текхорах… тIаккха вовшашлахь рагI а хIоттайой массара а роггIана хьокхура и…

Жимма андадевлча-м лома а дуьгура... Ирсан цхьа дакъа дар-кх цига Дадица йол гулъян дахар а....

Лома доьлхуш-м Дадас говра хоуьйтура… гIаш бан гена некъ бара и... дIакхаьчча гIуллакх дан а кархадер дацара… Ломара цIехьа бо некъ мелла а хаза хуьлура... совца а совцуш, мангал-комарш а юуш.... Цкъа а сиха ду я Iаржлуш ю... я кхин бахьана ду олий, сих а ца вора Дадас.... ЧIогIа хаза говр а яра... Казбек цIе а йолуш... доьзалера цхьа адам санна хьоме а ма яра и....

Караеана мерза хIума цунна дIалора... цкъа а и вайна яа дага а ца догIура... "Казбекана чIогIа езаш хилла хIара, мел хазахеттера цунна и шена елча", олий, говрана дIаяайора... Цо и юуш, хьовса массо а гулдала дезаш дара... Дада а схьатакхавора вайца... Цо: "Говро хIуъа а ма юу... мерза хIуманаш шайна яа", - аьлча, и мел ца дезалора!

Вуьшта, ваьш цхьа хIума эцча, уггар а хьалха Дадина лора.... "Дада, хIара яалур ярий хьоьга, кхуьнца чай малалур дарий?", – олий... ТIаккха Дадас: "Дадига ца яалуш хIун ю?!", – олий, схьаоьцура... Карахь дIаса а хьовзайой... "ХIара-м чай мелла йойу хIума а ма яц, чай мелла ваьлча, самукъенна тIеюу хIума ю, ца еза суна хIара, шайна яа", – олий, схьалора... ТIаккха, виттане вай ша ца витича, екъа а йоькъий, юура...

Ткъа и шолгIа говр эцча Дадас, и Орлик тIе ца лацалуш хьийзара… ца езара и… Казбекан метта вай леладора Орликца эмгаралла… Дадас цунна хIоъ бала тIоьрмиг тегча а, Казбекана эшам беш хеташ… цуьнан тишаниг Орликна а битина, и керланиг Казбекана бита безаш хеташ… Амма Дадас кхетийра цунах… Казбек дегI доккха долуш ю, тIаккха Орликна цуьнан тIоьрмиг мегар бац, аьлла…

Дада кхин цхьаьннан а воцуш, вайн вара… цуьнан доьзалан а вацара и вайн санна… Сарахь гонаха а девлла, сарралц мел лелийнарг а, кхана лело дезарг а, дукха мила веза а… дерриг а Дадица доькъуш… Кхана ишколе дахча, цигахь урок дIа муха юьйцур ю а… Цкъа музыкин ишколера цхьанхьа къовсадаларе дуьгуш, цигахь ваьш гойтурйолу программа, даима санна, Дадина гойтуш, уггар а жимахйолу хьо хелхаяьлча... юкъара дIайолуш, бакъдолчу зудаберо санна, меллаша тIараш тохаран кеп а хIоттош... И хазделлачу Дадас... "Ой, хьо кхин цкъа а ялал, и айхьа хIинцца тоьхна жIост а тухуш...", - аьлча, цунах дуьйлуш и юх-юха дуьйцуш лелар а...

Иштта и мерза хенаш а, марзонаш а, уьйраш а… бераллин суьрташ а… цу аьрхачу, ирсечу берраллин суьрташ…