Петирова ПетI мат. ХIара хаза хиллехьара…

Your browser doesn’t support HTML5

Петирова ПетIмат. ХIара хаза хиллехьара...

Петирова ПетI мат. ХIара хаза хиллехьара…

Кхуо дукха ойланаш йора шен дахар цанисдаларх…Даим а коьрте хьийзарг цхьа хаттар дара: «ХIунда?!»

Кхуо и хаттар дан а дира, цхьа бегIийла хан а лехна, цIийнадеца даггара къамел а дина, кхидIа хирдолчун сурт мукъане а хIотто дагахь…

– Баккъал а, ма дош дац-кх хIара вайн хене дийлар… Ма кIадъелла-кх со! ХIун дийр дара-те, хIара вайн доьзалера сурт хийца?! Хьо сайх воккхавейта ас дийр доцуш хIума дацар-кха… Хьо стенна реза вац хаахьара… Нехан зударий марера боьхча, гIуллакх ца дора я гIиллакх дацара олий, дийца доккхург и гIуллакх-гIиллакх хуьлур-кха… Ас сайгара муьлхарг нисдича барт хир бара-те вайн? Хьо резава хийцалур яр-кха со… Алахьа, баккъал а – гIуллакхаш де ас кхин а совъюьйлуш, я гIиллакхца нисло?

Цецваьлла, шена хIара дуьххьара гуш санна, хьаьжира важа (гуш хила а там бара дуьххьара, адам ду-кх хIара аьлла, кхуьнан бIаьра хьажа и ларош а вацара)… Вехха Iийра ойлаеш а… ТIаккха хезначо хIара а яьккхира цец…

– Цкъа а, цхьана хIуманна тIехь хьуна билла бехк хилла бац-кха сан а, сан нехан а… Хьуна дан дезарг хьоьхуш а ца хезна суна сан нанас, я хьоьх бехкаш дохуш а ца хезна… Цкъацкъа со-суо а цецвуьйлу, ас хьайгахь латточу Iазапца, сан нахана а, суна а ела дог хьан дарах а, хьайн дагара ца хаийта ахь хьайна бечу ницкъах а… Хьуна ала цхьа а хIума дац-кха сан… Амма хIетте а хьо ца еза-кх суна…

– ХIунда?!

ТIаккха цо деллачу жоьпан ойла кхуо цул тIаьхьа даьхкинчу шерашкахь дуккха а йира…

– Хаза яц хьо… Суна хаза ца хета… Цундела ца еза…

– ТIаккха-м ца хаьа суна…

– Со кхин стенах цецвуьйлу хаьий хьуна?

– Стенах?

– Массо а хIуманна яхь йолчу хьан, суна хьо ца оьший хуъушехь, соьца ца Iен яхь яц-кха…

– Яц… И хIунда яц хIинца а ца кхетта-кх хьо…

– Сайх ца ялалуш ца Iай-м хаьа суна…

Кхуо хIинца а йо цуьнан дукха ойла… ХIетахь а, хIинца а…Амма башха-башха…

Цкъа юьхьанца хетара, баккъал а, со хаза хиллехьара, кхечу кепара хир ма дара хIара…

ТIаккха цхьа ойла къегира: «Ванах, куц хаза цахиларх, кхин со адам хета бахьана дацара-те?! Цхьана нехан, цхьана ден-ненан йоI ма яра со… кхин хIумма а ца хилча а, цаьрца гергарло таса а захало дийр ма дара аьлла, нехан ойла а лаьтташ… Сайн ма-хуьллу тасаелла, кхаьрца мага а ма гIертара со, даггара хIорш беза а ма безара…

Ткъа хIинца ша-шех йоьлу… ша «ХIунда?!» аьлла динчу хаттарх а…ша йинчу ойланех а…

ХIун биэн дара иза, хIундда а езаш а, оьшуш а ца хиллехь а… муьлхха жоп а цхьаъ хилча – ца еза дела… ца оьшу дела…

ХIара хаза хиллехьара… тIаккха ша дара….