Духарш хьокъехь дуьхьалонан акци дIаяьхьна зударша Истанбулехь

Туркойчоь -- Истанбул.

Духарш хьокъехь дехкарш дарна дуьхьал акци дIаяьхьна Истанбулехь туркойн зударша. Шаьш кхоьрур а дац, дистцахуьлуш а Iийр дац, шайна лело декхарелахь дан гIертош долу духарш а лелор дац шаьш бохуш дIахьедарш дора дуьхьалонан марше арабевллачара.

Цара дийцарехь, духар бахьана долуш зударшна ницкъ бар алсамдаьлла тIаьхьарчу хенахь Туркойчохь.

Мангал-баттахь йоца хеча а йоьхна, араяьлла аьлла йоIанна йиттинера муьулш бу ца хуучу наха Истанбулехь.