Басковн ловзарна кечамаш дIахьо Нохчийчохь

Соьлжа-ГIалахь тIетаьIIина кечамаш бу дIахьош гурахь хиндолчу Басков Николайн, Лопырева Викторин тойнна. ГIадуж-беттан 5-чу дийнахь хIоттон аьлла дIакхайкхийна шайн ловзар цара. Оцу дийнахь вина де ду Кадыров Рамзанан а.

Кхайкхина 100-120 стаг ву оцу ловзарга, хIинцале а дIахьедина, алкоголан маларш цу дийнахь хир дац стоьл тIехь аьлла, яздо "Собеседнико".

Карладоккху, хьалхо Лопыревас бакъ ца дира, ша Басковга маре йоьдуш хилар.