Мосулехь карийна йоI хьенан ю хиина

Иракъехь карийначу 9 шо долчу нохчийн йоьIан цIе билгалъяьлла. «Кавказан узел» агенталле полисхойн декъерчу хьосто хаамбарехь, Иракъерчу Мосулехь лазийна йоI шен дас-нанас Нохчийчуьра дIайигина хилла. Хьалхо Ватс апехула нохчаша даржийра Мосулехь чевнаш йинчу йоьIан сурт. Цуьнца цхьана текст а яра, и йоI хьенан, мичара ю тIекхиа гIо доьхуш.

"Шен деца а, ненаца а хилла иза Шемахь. ЙоьIан да «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобнан декъехь хилла. Хетарехь, да а, нана и ший а делла оцу йоьIан. ЙоьIаан денана ю Нохчийчохь дийна», - аьлла, дийцина «Кавказан узел» ресурсе полисхочо.