Нохчийчохь цIераш йийларх ларбалар доьху орцанхоша

Нохчийчоьнан орцан министралло дIакхайкхйина мехкан 10 муниципалан кIоштахь тIехсов йовхо латтарна цIераш йийла кхерам бу аьлла.

Цара бахарехь, къаьсттина сема хила беза ТIехьа-Мартанахь а, Хьалха-Мартанахь а, Гуьмсехь а, Куьрчалахь а, Теркйистехь а, Шелковскехь а, Шуьйтахь а, иштта Соьлжа-ГIалахь а бехарш.

ЦIераш дIасаяржахь а аьлла, доьху орцанан урхалло махкахошка хьуьнха цабахар, цIераш цалетор, нехаш цаягор а.

Бехкам ца ларбинчарна гIуданаш деттар ду аьлла "Кавказан узел" агенталлаца къамел динчу Нохчийчуьрчу орцан министраллан белхахочо.