ДаIишхойх бахархой ларба некъаш карийна Iедална

«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан гIуллакх даржош, дуьйцу интернетера сайташ дIакъовлар доьхуш кхо иск кхаьчна Соьлжа-ГIалин Лениснк-кIоштан кхеле. РогIерачу мониторингехь билгалъвелла и ресурсаш.

Еарийдийнахь чуелла искаш кхеле. Шайн сацам суьдхоша тIеэцначул тIаьхьа, интернет-провайдерийн дезар ду оцу сайташка доьлху некъаш дехка.