Кхел йоцуш Нохчийчохь къайлабаьхнарш лоьху гергарчара

«Новая газетано» кхел йоцуш Нохчийчохь хIаллакбинчу кегийрхойх хаамаш Iорабаьхна бутт гергга хан яьлла, зуламан бехктакхаман гIуллакх хIинца а долийна а дац. «Новая газетано» хаамаш зорбане бахале хьалха, байначу беттан 10-чу дийнахь, къайлах дIабигинчийн гергарчара Нохчийчоьнан официалан инстанцешка дIахьедина хилла, шайн нах барах.

Масала, Хамидов Шемалан а, Хабуев Хьамзатан а, Сериев Мохьмадан а, Абубакаров Адаман а дайша шайн кIентий дIабигина хиларх яздинера коьрта бакъонашларъечу Нухажиев Нурдига, уьш лохуш гIодар а доьхуш.

Полисхоша шайн хIусамера лецна бигина уьш берриш а стохка ГIуран-беттан 22, 23, 24-чу а деношкахь.

Карарчу хенахь «Новая газетано» Iорадаьккхина тоьпаш тоьхна байинчу нехан тептар, царлахь бу лакхахь хьахийна кегийнах а. «Кадыровн Нохчийчохь» байинчу тептарехь болчийн цIерш хIокху материалехь ю.