Йовхо лаьттар ю Нохчийчохь гергарчу деношкахь

ТIедогIучу деношкахь Нохчийчоьнан Юккъерчу а, Къилберчу а кIошташкахь аномалан йовхо лаьттар ю аьлла дIахьедина махкарчу орцан министраллан сайтехь.

Делкъал тIаьхьа ши сахьт даьлча суьйранна 6 сахьт даллалц лаьттар ю йовхо.