Нохчийчохь 8 стаг лазийна некъан хьовзамехь

Шоьтадийнахь Соьлж-ГIаларчу Октябрскан к1оштахь Лада Приора тIе а кхетта, хаьрцина нах лелош йолу микроавтобус.

ТАСС агенталла бечу хаамца, лазийна Приорин да а, бер а. Иштта, чевнаш хилла микроавтобус чуьрчу 6 некъахочунна а.

Лазийнарш кхачийна Нохчийчоьнан клиникан дарбан цIийне.